Главная » Все Новости » Главная новость » НОХЧАЛЛА — ПАЙХМАРАН СУННАТАХ ЛАЬТТАШ Ю!

НОХЧАЛЛА — ПАЙХМАРАН СУННАТАХ ЛАЬТТАШ Ю!

Нохчалла национализм а ю, национализм динехь мегаш а яц, бохуш, нохчийн хIуманаш сийсаздеш, уьш дайдеш, цхьа адамаш даьржина вайна юккъехь, буьйцуш нохчийн мотт болуш.

ХIинцалц арахьара мостагIа гIиртинера вайн къам синоьздангаллах дохо. ХIинца чуьра мостагIий бийла буьйлабелла вайна. Уггар кхераме мостагIий уьш бу!

Дукхахберш тилийна лелош а бу царех, царна шайна а шаьш буйла а ца хууш. Йоккха кIело ю цигахь. Къаьсттина хIинца тIекхуьуш болчу вайн кегийрхойн кхетам галбаккха, церан хьекъалшна тIехьажийна ондда болх вайн мостагIийн, кхане цаьргахь, оцу кегийрхошкахь юйла а хууш. ХIинца вайн къоман мостагIашна кхин некъ карийна вайна дуьхьала.

Динца дин дIадаккхар, суннатца суннат дIадаккхар. Цара дуьйцург баккъал нийса дин ду моьттуш, дин дезаш волу жиманиг Iехало. Иза шен дена а дуьхьала волу, нанна а дуьхьала волу. Царна дуьхьала ваьлларг махкана а, халкъана а дуьхьалаваьлча бан тамаш а бац!

Цара мегар яц, национализм ю бохуш йолу нохчалла хIун ю, цо хIун чулоцу билгалдаккха деза цкъа уггар хьалха.

Нохчалло шен мохк безар чулоцу. 

Вайн Пайхамарна ша вина, ша кхиина шен мохк безаш хилла хилар — вайна хууш долу бакъдерг ду. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло гIиллакх чулоцу. 

Къематдийнахь шена шух уггар гергахь хинверг — шух гIиллакх хазадерг ву, аьлла Элчано. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло эхь чулоцу. 

«Эхь — иманах цхьа дакъа ду» — аьлла Элчано. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло воккханиг ларар а, жимачуьнга къинхетам хилар а чулоцу. 

Вайх вац шуна, аьлла Элчано, жимачуьнца къинхетаме воцург а, баккхийчеран сийлалла ца хуушверг а. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло хьаша-да ларар чулоцу. 

ЦIенна дуьххьала хьешана шенна деш «оти» олуш цIа хилла нохчийн, и хьаша паргIат хилийта. Хьаша вагIахь а, бохуш, хьешана дIабиллина латтош кхача а хилла.
«Делах а, къематдийнах а тешаш волчо хьаша-да лоьрийла», — аьлла Элчано. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчалло тешаме хилар чулоцу. 

Вайн Пайхамарал тешаме а волуш къонах ца ваьхна лаьттан букъа тIехь! Цуьнан шен мостагIаша а тоьшалла деш хилла цунна, тешамеверг ву хьо, бохуш. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Стагехь уггар кIезга хIума ду аьлла вайн Пайхамара: кхераррий, писаллий. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Цхьаммо а къовсур доцуш, дуьненна а хууш, дуьненахь майраллица девзина къам ду нохчийн къам. И амал а оцу вай далийначу Элчанан къамелца йогIуш карйо вайна. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчий комаьрша нах хилла.

Ша ваьлла, керла хIусам а, доьзал а кхолла, охьахиина волчу гIийла воллучу стаге, цхьа хан билгал а йоккхий, хIоккхул йолчу хенан юкъана, олий, воттана даьхни луш ламаст хилла нохчийн, цуьнга шен даьхни доладайта. Вукхо, и хан дIаяьлча, шега схьаделла долу даьхни юхалуш хилла, оцу юкъана дебна, совдоьвлла долу даьхни цунна шенна а дуьсуш, даьхни долчо тIера ял а ца оьцуш. «Воттана даьхни далар» — олуш хилла цунах нохчаша. Цундела даим беркат лаьттина Нохчийчохь. Комаьршо йолччохь беркат а хуьлу. Нохчий даим хилла камаьрша а, вовшка хьовсуш а, де доьхна веанчунна дан гIо долуш а.

Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, стагехь уггар кIезга хIума ду, аьлла, билгалдаьккхина долу кхераррий, писаллий нохчаллица йоцуш карий вайна.

Иштта охьадагардан кхин а дуккха а ду уьш. Вай масаллина дахкийнарш коьртанаш бен дацара. Вайна билгалдолу-кх — нохчалла суннатах лаьтташ хилар, нохчалла – хаза гIиллакх хилар.

Цунах олу и кIело. КIело иштта хуьлуш ю. Суннат а хьехош, суннатах долчу хIуманех, хазачу гIиллакхех нах бухабахар.

ТIаккха Делан а, динан а, къоман а мостагIий ца аьлла, кхин хIун ала деза оцу декъазчу догIмех! ХIун бен ду и, нохчийн гIиллакх хилча а, гуьржийн гIиллакх хилча а, муьлххачу а къоман гIиллакх хилча а, хьаъа лелийча а, цуьнан цIе мухха яьккхича а. Хаза гIиллакх хаза ду-кх. Хьеннан делахь а.

Дуьххьара куьг лоцуш салам дала буьйлабелла болу яманхой богIу шуна, аьлла-кх Пайхамара, церан къоман гIиллакх билгал а доккхуш, и гIиллакх цаьрга а дуьллуш. Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Нохчийн хIух доцу нохчийн мотт буьйцу адамаш кхетар дац вай дуьйцух. Цхьа а наци йоцуш болчу царна и хетча бан тамаша а бац! Вай бусалба а ду, къам а ду!

© Хабаев Исмаил

Adlan Haracho

Chechenews.com

13.03.18.