Максимальный перепост по всем каналам и сайтам, Вежарий-Йижарий.
Европерчу Г1алг1ашка кхайкхам бина 06.04.19 ш. Европарламентан хьалха митинге арадовла аьлла.Нохчийн а Делан а мостаг1 волчу абадиев идриса.
Аса ойъура ду шуна Европерчу Нохчийн Ассамблехула ин шаа-Аллах1,аша Г1алг1аша кху Европехь харцонца шаьш Нохчий ду аьлла д1аязделла шуна тхан ц1арах делла бакъонан кехаташ, шоьгара схьадахаран комисси а кхуллуш (процес) Европан Урхаллашка а кховдош шух долу г1уллакх .Делан Шен доьхьа аша Нохчийн ц1арца лелош йолу харцо сацорхьама,аша и харцонна т1е а х1иттина митинг яхь.
Шуна массарна а д1ахоуьйла,цу абадиевс бохург дина цу митинге ара мел ваьлларг ,цунна реза мел верг а, НОХЧИЙН МОСТАГ1 ВУЙЛА.
Иза йоккха харцо ю шуна оха юьтур йоцуш йолу.
Нохчаша, г1алг1айн Урхалло къайлаха лачкъийна шайн латта ду юхадерзийнарг цу Фортангица.
Цунна доьхьала Г1алг1ашна дог1уш доцу шерачу арара Терка йистехь дуьйш долу дика латтанаш делла, хьашт доцуш. ИЗА ХЬОХОШ А ДАЦ ЦАРА ЦХЬАММО А.
Х1етте а , и латта шайна деллашехьа , Эхь-Ийман а дайъина Дуьненна а хьалха Нохчаша шайгара латта даьккхина бохуш, Нохчашнат1е вуон ц1е тиллина дохкуш ду шу, абадиево-погорово, барахоевг1еран накъостий.
Аьсбин Абу-Бакр 04.04.19 шо.
( PS.Дехар ду х1ара кхайкхам массо сайташкахула,ФБ чухула ,Инстаграмме,Контакте д1асабаржорехь)
Ärsbin Abu-Bakr
Chechenews.com
04.04.19.