Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: ШИ ВАША !

Аьрсбин Абу-Бакр: ШИ ВАША !


Цхьаъ Ийман а диллина шена Дала елла Маршо ларйеш,цу Дин доцучеран 1есалла т1е ца лаца г1ерташ, къар ца луш леташ воллуш ву, цкъа тоьлаш юха оьшаш. Шен ницкъ ма кхоччу юх-юха цу шен мостаг1анна доьхьала г1аттамаш беш,шен кьам а, Мохк а,шен къоман Кхетам а ларбан г1ерташ,цу мостаг1чуьнан ницкъе ца хьоьжуш…

Байъарш-баларш а ловш,шен латтанаш шена муьт1ахь болчу лулахошна цу мостаг1чо д1адекъарах а юха ца волуш.
Цу хенахь цуьнан шозлаг1а Ваша цуьнца Ийман ца диллара бахьана долуш, кхуьнца гам а велла, кхуьнан мостаг1чуьнгахьа а ваьлла,цу мостаг1чо вайн ницкъ г1елбеш хазахетарца х1ара т1е а лаьцна ахчанаш совг1аташ кхийдош кхуьнца кхиберш 1ехош тилийна. Цул т1аьхьа цуьнца куьйгаш та1ош кехатца бух буллуш берта а вахана, кху шен Вешех а летара ву ша аьлла.

Цул т1аьхьа цу шен Вешин мостаг1ийн аг1о а лаьцна шен ца безам гуча а баьккхина, цу шен Вешийца къийсалуш воллуш ву шина б1е шарахь,ша х1инца кхечу къомаха ву бохуш,шаьшшинна орамца юкъара мел хилларг а шен бен дац бохуш,шайн къоман марг1алца шира мел йоккхуш хилла ц1ераш а еккъа шена ерзон г1ерташ.

Цу шен Вешера цуьнан мостаг1чо схьа а даьккхина, къоланца шена делла латтанаш а шен ду бохуш, цу мостаг1чо шен харцонан к1уьрца х1иттийна мужалташ а ,таьптараш а хьалха а даьхна, шена цу харцонех «бух болу» бакъо ян г1ерташ доьвнаш латтош воллу ша д1атесначу шен Вешийца.

Олуш долчу дашца къаьхьаниг а, харцо а ца кхоош, ша шен Вешийна вас йаре ца хьоьжуш.Харц Бакъ а иэдина,Делаха кхерар Ийман шен даге кхачаза хилар гойтуш.Нийсонна т1ег1ерташ болчу шена гонахара шен накъосташка а ла ца дуг1уш.Шен Вешин мостаг1ашка ,церан паччахье орца дохуш аьрзнашца кехаташ йаздеш воллуш ву иза.

Ткъа шен Маршо ларйеш тиссалуш волчу цуьнан Вешин яц шен Вешийца вукхуьнан йолу гамуо,иза шен тилвелла Ваша вуйла хууш хиларна.Цунна къа хета цунаха. Цо воьхуш ву иза Деле нисваре…

Иза собаре ву цуьнгара юьйлучу харцонашна,ца кхетамашна а. Цуьнан муьстачу дешнашна доьхьала доьвне къамел ца дало цуьнга ,иза шен тилийна Ваша вуйла а хууш. Цунна шен дагца хаарна и шен Ваша вуйла,цо д1а ца тоьтта иза, иза шен галваьккхина Ваша хилар хууш. Цуьнан боьхначу кхетаманна доьхьала дов ца доккхуш са-детташ воллу иза шена мостаг1чо бина дукха ницкъ боллушехьа, т1ейог1учу т1аьхьенна гамуо ца йита г1ерташ.Ийман диллича а йисна цуьнан шен хилла волчу Вешийца цу мостаг1ийн хьаг1-гамонах кхетта йолу цамгар ,кху Маршонехь лаьттачу шен Вешийца.

Ша хьалха схьалаьцна йолу мостаг1ийн аг1онца шен Вешийна ша дина зуламаш бахьана долуш, цуьнан и цамгар ч1аг1ъеллийла а хууш са детташ чекхвала г1ерташ ву ,шен Маршонан кхетамца шен мостаг1 мила ву а хууш волу шозлаг1а Ваша.

И шен Ваша тилийнарг изза шайн мостаг1а вуйла а хууш, Деле доьхучу До1анашца са-детташ 1аш ву иза, халонашна къурдаш деш. Мостаг1ий а, хьаг1 йолу цхьабо лулулахой а кхардарах кхоьруш…

Шен Вешех дагца д1а а къаьстина д1авахнарггий -иза мухха велахь а иза д1акъстар хала а хеташ, иза кхетамчу а веана юха варие хьоьжуш бух ларбеш верггий цхьаъ хуьлийла доцийла, хи чуьрча ч1ерашна а хууш ду.

Д1а а къаьстина шеца берш а 1ехийна, мостаг1чунна т1евахнарг ву, дохко а ваьлла вуха ван везаш верг.Шен Дайн бух орам ларбеш,ерриге а цу мостаг1ера халонаш харцонаш ловш 1ийнарг вац ,д1акъаьстинчу Вешийна т1е вахан везаш верг .Цу шинна кхетам а, безам а, ларам а, лаам а цхьатера хуьлийла дац !

Аьрсбин Абу-Бакр 04.10.18 шо:

Chechenews.com

05.10.18.