Главная » Все Новости » Главная новость » Хьасан Исаев: Настоящие мужчины поймут, о чем я говорю!

Хьасан Исаев: Настоящие мужчины поймут, о чем я говорю!

Дукха хан яра х1ара кеп сайна доьххьара яйча, со цецваьлла лела!
Х1ара нийса доцийла а, яхь-йоьхь вай юьйцур а яц, иманца а, исламца а, х1ара дог1уш доцийла хаара суна.

Делахь а, со дага велира цхьацца сайна къонаха хетачу нахах а, 1илма дика доьвзачу цхьана воккхачу стагах а.
Цара т1еч1аг1дира цу хьокъехь со нийса хилар!

Иза х1ун ду, оццалла суна а, кхи д1а нах болчу нахана а, тахана 1аьт1къинарг, бале дижанарг?

Иза ду, х1инца дукхачу Нохчаша юкъа даьккхина, шен чуьра доьзалхо-йо1, маре д1аялар.

Вай варх1е а дайшкахь цахилла х1ума ду х1инца юкъа даьржинарг. Да велахь, цу йоь1а да а, ваша велахь, цу вешин а йоьхь йойуш,
уьш нах боцчу а бохуш, уьш чохь хевшина 1ашшехь, цу чохь зударий хуьлу кечлуш — йо1 маре д1аяла, хьан уьйт1ахь лаьтташ, хьан йо1 д1айига яьхкина машенаш а йолуш!

Ишттачу хьолехь, де а, вешин а, шинне а чуьра ара вала веза, йа шайна х1умма а ца гуш санна, стаг воцург а хила, чохь 1а веза.
Йа Аллах1 Дела, ма доккха х1ума ду хьо! Хьан керта неха-нах бог1а хьан йо1-йиша д1айига!

Вай маца хилла — иштта боьрша стега яхь-йоьхь йойуш 1адаташ, иштта къонах пайда боцчу ваккхар, оццулла стега мах ца бар, цуьнах ца вашар, иза ца ларар?
Вай варх1и а дегахь дуьйна схьа дог1уш — исламца а, иманца а, оьздангаллица а нийса долуш, шен доьзалхо-йо1, маре яхийтар иштта ду:

-Йо1 маре йоьдуш цуьна нанна хууш хуьлу, нанас дега хоуьйту.

Х1усам да-йоь1а да, хууш хуьлу, шен йо1 муьлхачу нахе маре йоьду, т1аккха, йоь1а уллера, гергара зудчо, тачанки х1ургонца, йа машенахь, йо1а шайна йиллина хене баьхкинчу нахе ара а йоккхе д1а ло. Хаза а ду, оьзда а ду, вай динца, вай культурица, вай г1илкхашца  дог1аш а ду!

Х1ара нийса хилар а, кхуьна нийсо гойтуш,  хазалла гойтуш дуккха а маь1наш далор дара аса, делахь а, нах болчу нахана оццалла д1акхетийча хуур ду моьтта суна!
Вай культура х1аллакйан, вай оьздангалла юкъара д1аяккха, вай дин бехдан, вай 1адаташ сийсаз дан, вай г1аскхех д1атар дан, вай къонахчу к1ентий мах ца бар, уьш ца ларар ду,
цуьна коьрта бахьна, цуьна маь1на!

Къонахчунна эхь-бехк ду иза, стаг воцчу стагана-ловзар ду иза!!!
Вежарий, ма дахийта шаьш нахдоцчу, хила къонахий, ма эхийта маре шай йоь1арий, шай йижари маре шаьш чохь телевизорега а хьоьжуш!

Хьан керта машенаш а оьхуш, ма йигийта хьай уьйт1ара хьай доьзалхо-йо1 д1а, юртана а хууш, хьо стагвоцчу а воккхуьйтуш!
Хьо къонах велахь сацаде хьайна т1едеана эхь!!

Вайгара дика, оьзда, хаза г1иллакхаш, цхьацца бахьанаш а дохуш, уьш вайгара д1адаха г1ерташ, вайна т1ехь денна а, буса а болх беш ву вай мостаг1!
Самадовла вежарий, боьршаниг-борша хила, зудчунна шен меттиг хаа!

Ма дахийта вай оьвхьаза а, нахдоцчу а!
Стагволчу стагана, ч1ог1а эхь долуш х1ума ду иза, д1адаккха иза вайна юккъера!

Аллах1а вовший дезар а, дашар а, барт, марзо а, маьрша 1ар-дахар а лойла вайна!

Вай дайша вайна йитина йолу Нохчалла нийса лело а, ларйа а,
т1аьхьенна д1аяла а Дала кхетам а, доьналла а, къонахалла а лойла вайна!
Нохчо хила хала дац, Нохчалла д1алело ду хала!

Хьасан Исаев (Казбич Чеченский)
——————-
(краткий перевод)

С тех пор, как впервые я увидел это, я знал, что это никак не соответствует нашим обычаям, традициям,
нашим Адатам и культуре!

Но все-таки я посоветовался со знающими людьми, и они тоже согласились со мной.
Речь идет о церемонии выдачи замуж дочери по чеченским обычаям.

В последнее время у нас появилась мода — в одной комнате женщины готовят невесту, в другой сидят отец или братья и ждут,
когда заберут замуж их дочь или сестру, а во дворе стоят машины от жениха, приехавшие за невестой.

По чеченским обычаям это совершенно не допустимо. Если бы это увидели наши предки, не могу даже себе представить, что они с нами сделали бы за такое инижение и позор.

По нашим обычаям – женщины-родственницы невесты выводят ее в условленное место, где их ждут друзья жениха, и это не должны видеть отец, братья и другие близкие мужчины.
Отец и братья знают, куда, в какую семью выходит их дочь и сестра.

А когда, где это будет происходить эти события и другие подробности, связанные с замужеством дочери и сестры – это не их дело.
Братья, не допускайте разрушение наших обычаев и традиций, будьте чеченцами, а не чеченоговорящими!!!

Настоящие мужчины поймут, о чем я говорю!

Chechenews.com

19.02.24.