Адамаша, я шина стеган юкъ къастош долу, герз ду дош. Дашца евза вайна вовшин ойланаш, дезаш дерг а. Хьан синна, цу синан лаамин талмаж ду, дош. Дош доцуш бисна «нах», цхьаалла йолуш цхьаьна хира бац, дукха хьолахь, вовшех кхетара а бац уьш. Ша санна волчу стагца юкъаметтиг йогIуш хира вац, дош доцу стаг. Иза-м хIунда дуьйцу вай, пачхьалкхан кеп хоттош йолу къовларш а дIайолу барт бацахь, и барт чIагIбина долу дош, бакъдерг гойту дош дацахь.
Цу Везачу АллахIас, хьан нана юкъарча а хIоттийна, хьуна лен белла мотт а, и хьайн ненан мотт а ларабе. И бакъдерг ахьа лардахь, толам даима хьоьгахь хира бу. Цул совнаха ахьа, къоман ламасташ ларде, хьан къоман цIена цIий ду хьуна иза. Айп кхетарах орам ларбе хьайн, къоман дегI ларийнарг хира ву хьо. Ненан мотт ахьа бицбахь, хаа ду хьуна, юхь йоцуш къам дайна хьо вуьсург хилар. Ларабе ненан мотт. Юха а, юха а, даима ларабе ненан мотт. Вайн истори меттахIоттора йолу, иза, шен бакъ йолчу тIегIана тIейоккхура йолу некъ бу, таханалера литературни мотт шолгIачу тIегIане а теттина, вайн шира, ненан мотт меттахIоттош къахьегар. Иза бу «историн мотт» (гIазкхашха аьлча, «исторически язык»). Тукхамин аларш, къаьсттина ламаройн мотт, мелла а уллехь лаьтташ бу тахана цу «историн маттана».
Цкъацца, «вайнехан маттана» кечбиначу кхолламан со ойла ян ваьлча, сан доьхна дог хьостуш санна, хи йистехь захало дуьйцучу шинна юкъахь, хиллачу къамелан масех могIа дагабогIий Iа со. «… , ломарчу лоьмана чов хилла аьлча, лаха буьйра буьссуш, кур аркъал туьссуш, лоьман къина боьлху сира сай санна, хьо соьга ма велхахь, къа хьоьгу ахь. Со хьайга ца лучу, са нене велхахь!». Мел боккха чулацам болуш ду и ткъе цхьайтта дош. Цу тайпана, дукха лен ца оьшуш, боккха чулацам болуш хилла, вайн шира дайша шайн меттигашна тохкуш хилла «нана-меттан» цIераш а. Кхузаманан цхьа бIе жимхах, хира вуй техьа, цу чолхе доцучу дешнин шорталла евзуш волу пхи стаг а? Хьо бакъ дайх схьаваьлла нахчо велахь, ойла е цуьнан! Валлахи! Кхана тIаьхьа хира ма ду хьуна.
Амма сан шеко ю, цу гонахьа вайга паргIата болх бойтура бу бохучух. Кхин хIумма дацахь а, кийра бахкабелла йолу вайн йозанан говзалла йолу адам (интелигенци) а, тоьура дара новкъарло ян, цу гIазкхин империн Iилманчаш а, иштта «иблисан Iилманчаш» ца хилча а. Генара доцуш, масала дало йиш йолуш ду вай, и аса аьлларг бакъдан. Джохар Дудаев хьалха а волуш, араяллачу тобано Верховни Советан Председателах «Тхьамда» а олуш, «Парламентах» «Мехка кхел» а олуш, «вайнехан маттаца» нисйина пачхьалкхан кеп хIотто гIоьртича, Нахчийчохь йолу, Iилман говзалла йолу адам (интелигенци) ара а даьлла: «Вай, дуьненан юкъара цIераш ца тахкахь, сийна цIе йолу кху къомах» аьлла «Парламент», «Президент» олу дуьненаюккъера демократин Iедалан питане кеп а, къоман барт бохора болу Конституци а, кочайоьллира вайн къоманна. Бакъду, тIаьхьо нисса-м йира вай и Конституци. Цул совнаха, вайн яхь йолу къонахой, исторехь хилла къоман хьалханчаш бехбан гIерташ, царех шеко кхоллайолуьйтуш долу, харц тешаллаш дIачIагIдарца йолу Россин «политикан заказ» кхочушъян гIерташ а лийлара вай, иза, церан коьрта Iалашо хилар ца гуш санна.
Цул тIаьхьа, и тайпа адам (интелигенци) дIатеттина, церан метта юкъабевллачу «цIеначу исламан» мурдаша, ненан маттах вай херадоху керла питана кховдийра вайн халкъе. Уьш бу «империн» а, «иблисан» а Iилманчаш, церан хьадалчаш болу, шайн шалгIонан сибат къайладоккху туьтмIаьжгаш йоьхнарш. Тахана «тIемалочух», я «бIахьочух» вай «муджахIид» вина. «Кхеташонах», вай «Шура» йина. «Кхелхинарг», «мухIажар» ву вайн. Тахана вай олу «тайп» (тюркин маттахь), иза доллушех вайн маттахь «ваьр». И «ваьр» санна, вайн маттера дIадера долуш, дукха дешнан ду вайн.
Хенан, ширачу цу геналле ца кхийдара вай цкъачунна. Кху тIаьхьарчу дезткъа шарахь, кхуза йоза а, зорбатохар а хийца дезна вайн къоман: латинан, Iарбойн, оьрсийн кириллица тIеоьцуш. Цу зорбанашца яздина хилла, Iилма мичхьа ду? ХIаллак дина, я ворхI догIа тухуш къайла даьккхина, абаде догIуш а къоманна гура доцуш.
Аптес ма-аллара: оьрсий болчу меттигехь йиш яцара, нохчийн маттахь къамел дан. Суна а, дика дагадогIу «Гонаха берш, аша дуьйцучух ца кхета. Культура йолуш дац шу. Аша, тхох лаьцна цхьа вуониг дуьйцуш хила тарло, и хаза дац!» алура дукха хьолахь. Пхьар-мотт буьйцурш а хуьлура, леррина, хьо иракара а хIоттавой, хьоьга муьшка йойти, хьо набахти чувуллийтуш берш а хуьлура. Вайх, садеттарш дукха бара. Яхь ерш а бара Iаламата кIезга. Кху шина тIамо дукха дIабаьхьи уьш. Биснарш, Iехабелла бу кху дуьнено шайга кхийдочух. Вайна хаьа, нана йоцург ахбай дуй. Ненан мотт ца хуург а ву ахстаг. Ткъа ахстаг, ант ду. Анте дерг, адам хIунда дуьйцур вай, хетарехь, «Далла» а ца деза.
Нахчо! Бакъ волу нахчо хьо велахь хаа ду хьуна, ненан мотт ахьа дIатесначу дийнахь дуьйна, хьо нахчи воцийла а, хьан къам нахчийн къам долучуьра дIадолийла а. Ненан мотт бицбина чкъор кхиача, иза къоман чеккхе ю. Стаг къотIалгIа вина хиларан хьалхара амат ду, шен нена маттал, хийра мотт башхалла йолуш цунна хетахь.
Иза, цкъаа диц ма делахь сан халкъан ваша, йиша.
Сулейман Асламбек
21.03.2012