Главная » Все Новости » События » Ахьмад ДАКАЕВ: СОЬГА БОХУ

Ахьмад ДАКАЕВ: СОЬГА БОХУ

СОЬГА БОХУ


Диц ца луш дерш

Дицде боху,

Дан дезаршна

Iад Iе боху!

МостагIчунна

Мотт хьекхна берш,

Дарже бахи,

Лиэра боху!

 

Нехан сагIа

Лечкъийна берш

Массарел а

Тоьлу боху!

ХIинца цара

Лелош дерг ловш

Меттан орам

Iийша боху!

 

Нохчийн халкъан

ЦIий доьхканарш

Сийлахь хьала

Баха боху!

Дохковалар

Цунах бартбар

Ала боху!

Ала боху!

 

Йижарийн сий

Доьхканчарна

Хьалха гуора

Хитта боху!

Хьекъал церан

ЦIен ду алий

Даржаш цаьргахь

Дита боху!

 

Дала бохург

Сеттош, хьийзош,

МоттаргIанаш

Лиэра боху!

Вай дигина

Хьийзош ишта

ШайтIанехьа

Дехьа доху!

 

Муха ловр ду:

Гуш ду баьргаш,

Кийрара дог

Кхевсина!

Бекхам боьхуш,

Кешнийн баьрзнаш,

Ца го шуна,

Севсина!

 

Ахьмад ДАКАЕВ,

 

Лаха Невре.

 

Chechenews.com

 

15.08.12.