Главная » Все Новости » Политика » Адамах адам дийриг ду гIиллакх

Адамах адам дийриг ду гIиллакх

Тахана нохчийн яздархочо Уциев Абус дуьйцур ду зуда ялийначу жимчу стага а, маре яханчу жимчу зудчо а лелочу а, ткъа иштта кхин долчу а нохчийн гIиллакех лаьцна. Цо дуьххьара хьахийнарш дара доьзал кхолла кечлучу нохчийн кегийрахойн гIиллакхаш.

Уциев Абу: «Вайн дайн хенахь захало деш, иза дийнахь чиркх а латийна де олуш хилла. Йоьдург а, йогIург а мила ю а хууш дан деза захало бохург, ду иза. Захало уьш белла дIабовллалц баха дагахь деш хилла, цкъа делахь. ШозлагIа делахь, оцу динчу захалонах кхууьш йолу тIаьхье чIогIа мехала хилла.

КIант шен гIиллакхца а, оьздангаллица а билгал ваьлла хила везаш хилла. Нахе шен лерам байта безаш хилла иза, дика цIе яккхийта езаш хилла. Оьрсаша олу-кх, Иван Иванович олий. Нохчаша Ахьмад Бетерсултанович ца олу, хIунда аьлча, оцу Ахьмадан шен цIе хила еза.

Дайн цIершна тIехьа лечкъина ваха амал ца хилла нохчийн кIентан. Эвтархойн Ахьмад аьлла, иза Эвтарара вуй хаийта. Мадин Джаьммирза аьлла, кхин а Джаьммирза хиларна, иза цунах къасто.

Иштта, оцу къонахчо ша шен хьацарца а, шен цIийца а, шен гIиллакх-оьздангаллийца а, шен хьекъалца а, кхетамца а яккха езаш хилла шена цIе».

Ткъа муха хилла жима стаг зуда яло аравалар? Уциев Абус дуьйцу.

Уциев Абу: «КIант волчу а, йоI йолчу а дайша хьахош хилла захало. ЙоьIан 18, 17 шо кхачча дийр дуй вай захало олий, шайн йиллина хан хилла церан. Оцу кIентан наха йоьIан да волчу нах бохуьйтуш хилла, шаьшшиъ доттагI велахь а, и стаг шаьш лорий хаийта. 

Иза доцуш, вайн олуш ду, йоI едда маре яхана олий. И тайпа захало а лелеш хилла, йоIа кIант къаста а вой, шен захало безамца ду олий».

Дерриг а къаьмний аьлча санна гIиллакх ду зуда ялочу стага ловзаргахь эвххьаза дакъа лоцуш. Нохчийн гIииллакх кхин ду. Нохчийн Iедалехь зуда ялийнарг лечкъина хила везаш ву. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу яздархочо Уциев Абус.

Уциев Абу: «Зуда ялор чIогIа экаме хIума лоруш ду вайнехан. Цундела, зуда ялийча, кIант шен дех а, ненах а, баккхийчу вежарех а, шена бехке болчу лулахойх а, тунцахойх а лечIкъаш хилла. Цу кепара гIиллакх лелош хилла-кх цо, шен доттагI волчехь хан йоккхуш, шен гергарчарна маьршо юьтуш.

Ша цIеххьана воккха хилар хаийта эхь хеташ лелаш хилла иза. Воккханиг да ву, ткъа ша хIинца а жима ву бохург, ду иза. И агIо экаме лору-кх халкъо».

Ткъа хIун юкъаметтигаш лело еза хIусамдас а, хIусамнанас а гергара нах болчехь? Уьш хала ду аьлла, хеталахь а, хаза а, шен чулацам болуш а гIиллакхаш ду бохуш, дуьйцу Уциев Абус.

Уциев Абу: «Шаьш гучудевлла далахь а, чувеъча зудчуьнга дIахьежар а,  дIахьажахь а, тIех сов вист ца хилар а,  да а, воккхах волу ваша а волчехь, чай дотта, я иза-важа алар ша ду, амма эвхьаза вистхилар ца хилла».

Нохчийн гIиллакхаш дуьйцуш, хаьхош Iедал ду бере хьажа йиш йоцуш хуьла нус, чохь бехке стаг хилар бахьана долуш олий. Яздархочо Уциев Абус шеконе дуьллу и гIиллакх. Иза дийцар шен Iалашо йолуш ду бохуш, дуьйцу цо.

Уциев Абу: «Советан Iедалан заманахь дестийна а, даздина а вайн къоман гIиллакх-оьздангалла хIаллак дан, емал дан дийцина хIуманаш ду уьш. Бер делха доладелча марнанас а, мардас а иза схьаоьцуьйтуш хилла. Шайн йоIе а схьаоьцуьйтуш хилла. Вайн вархIе а дайша аьлла ду, шуьне хуур вац оьздан стаг, бер дуза а ца деш аьлла.

Хьаша веъча, хьаша-дас а олуш хилла, хьенех, пурба дац шуна, берашна юург а ца луш, шена иза яла олий. Вайнаха шайн дайн гIиллакхаш лардеш хилла, амма уьш лардеш болчара алсам дуьхьал лелош хилла.

Советан Iедал долуш, къаьсттина вай махках даьхначул тIаьхьа, и къам махках доккхур дацара, нагахь церан акха амалш а, акха гIиллакхаш а ца хиллехь ала дийцина ду. Цу хенахь а лелла уьш, махкахь русификаци ян гIерташ».

Дерриг дуьнентIехь дIасабаьржина нохчий. Царна тахана гуш ду кхечу нехан гIиллакхаш. Цаьрца дуьстича, нохчийн гIиллакхаш лело хала ду аьлла, хетало. Амма вайнехан гIиллакхех кхера оьшуш ду аьлла, ца хета шена бохуш кхин дIа а дуьйцу «Дицдина жовхIарш» цIе йолчу книгин авторо, яздархочо Уциев Абус.

Уциев Абу: «ГIиллакх лелор оьзда ду, муьлхха а къомера схьаэцча а. ГIиллакх массо а диканийн бохь бу, баьхна вайн дайша. ГIиллакх лелош делахь деза а ду, сийлахь а ду, хаза а ду. ГIиллакх ца хилор ду доьхнарг.

Вайн махкахь кхун тIаьхьарчу 25 шарахь баккхийн хийцамаш хилла. И йоккха топ оьрсаша хьан хьолана а, бахаманна а, хьан махкана а тоьхна яц. И йоккха топ хьан гIиллакх-гIуллакх а, оьздангалла а, хьан яхь а, доьналла а, хьан къонахалла а йохо тоьхна ю. Маттах а, эсах а воха а вина, хьо Оьрсийчоьнан юкъара гражданин ву аьлла, юкъара стаг ван тоьхна ю и йоккха топ.

ХIаваъ ца хилча а, юург ца хилча а дахар хир дацара. Иштта мотт а, култура а ларъеш ца хилча, къам хир дац, иза делла ду».

Шо шаре мел долу а хийцало адамийн дахар а, цу дахаран кеп а, нехан гIиллакхаш а. Муха хийцаделла нохчийн гIиллакхаш тIаьхьарчу хенахь. Цунах лаьцна дийцахьара аьлла, дийхира оха 70 шаре яьллачу, амма тахана а сема а, дуьззина дахар дIакхоьхьучу Зараъ цIе йолчу йоккхучу стаге.

Зараъ: «Нус керта еъча вуно хаза а хетара, оьзда а дара, гIиллакхе а дара. Дала иман а, беркат а дохьуш яийтина хуьлийла олий, декъал а йора декъал ян баханачара. Марзахошца ларам болу нус, яъал езара массерна а.

Хьалха неслара йолура чохь 2, 3, 4 кIант хилча. Йоккхах йолу нус а, кIант а шайна даккхара. Кхин кIант ца хилча зуда ялийна кIант цхьаьна кертахь хилара. Делахь а шайн-шайн чоьнаш хилара.

ХIинца марнана а, марда а ца дезаш, нисса дIа и цIийнада хилчхьана, цо чукхоьхьуш долу ахча а хилчхьана тоьаш ю цхьайолу зуда. Ткъа цхьаерг хIинца а, Делан къинхетам бу, дика ю хIинца а.

Лулара стаг чувеъча а, я генара стаг веъча нус а, цуьнан цIийнада а къамеле ца далара. Цхьамма къамел деш, вукхо ла а дугIуш, уггара хьалха чувеъанчунна кхача хIотто гIайгIа бора. Цхьа а эвхьаза гIуллакхаш дацара. Марнанна а, мардена а хьалха бер схьа ца оьцура тохаралерчу зударша. Хьалхалера гIиллакхаш дика дара.

Кегийра нах гIиллакх доцуш бу бахар бакъ дац бохуш, кхин дIа а дуьйу 70 шаре яьллачу Зараъа.

Зараъ: «Кегийчеран гIиллакх дац олу хIинца. ВаллахIи-биллахIи, кегийчеран гIиллакх а му ду, гIуллакх а ма ду! Баккхийнаш бу-кх галбевлла. Ша вьуз-вуьзнарг галваьлла-кх воккханиг. Шена ахча а, бохча а хилчхьана гIиллакхашна тIера доьхна долуш доллу адам. Хьалхалерчу замане хьажча, аьттехьа а дац хIинца дерг».

Нохчашна юкъара цхьадолу оьзда гIиллакхаш дIадолуш хиларна саготта ю Зараъ.

Зараъ: «Юург а, мерг а …ЧIогIа барт бара. Цхьаьна охьа а ховший, хIума кхаллар.  Дерриг а дика дара хьалхалерчу заманахь. Кхачанах схьадолуш ду дерриг а, иман а, беркат а. Цхьаьна шуьне хиинчу доьзалан барт чIогIа хуьлу. Уьйр хуьлу. Марзо а цуьнца ма ю.

Барт чIогIа хилара хьалхазаманчохь. Чохь мел верг цхьаьнакхетара. Нана-доккха шун хуьлура. Даккхийн чоьлпанаш хуьлура. Хаза, и шун дуззий, цхьана шуьнан чу галанаш а йохкий, вукху шуьнан чу жижиг а дуьллий, я кIалдаьтта дой, я хIоа кхорзий…

Схьалаца корта а болуш, уьш лелош болчарна чIогIа мехала хIуманаш дара хьалха хилларш. ХIинца уьш дукхах болчергехь аьттехьа а дац».

Источник: www.radiomarsho.com

16.10.12.