Главная » Все Новости » События » Мила ву биэхке вай тишчу хьоланна?

Мила ву биэхке вай тишчу хьоланна?

karta-ichkeriya-dzhohar-g1ala-kolyuchaya-provoloka«Чеченская нация является этнической корневой частью Кавказской расы, одной из древнейших источников человеческой цивилизации, первоосновой духовности, прошла через хурритскую, миттанскую, урартскую культуры и выстрадала свою историю и право на достойную жизнь, стала образцом жизнестойкости и демократии. Древние армяне первыми связали этноним «Нохчи» современное самоназвание чеченцев с именем пророка Ноя, как отмечено выше, буквальный смысл которого означает Ноев-народ
Ян Чеснов

«Я видел много народов, но таких непокорных и неподдающихся как чеченцы, на земле не существует и путь к завоеванию Кавказа лежит через покорение чеченцев, а точнее, через полное их уничтожение» (из рапорта А. Ермолова императору Александру I 12 февраля 1819 г.)

Кхузахь Нохчех аьллачу  шина дашах далор вай цкъа хьалхара дош (комментари).

Ян Чеснов воккха 1илманча ву, академик, профессор. Кхуо элира 20-ха шо сов хьалха, ша Нохчийн бух талла волалуш (Этногенез). — Ша чог1а цец ваьккхира шена гучудаьлча, цу йоккхачу харцонуо. Нохчий юккъерчу барамехь къам ду шен доккхаллийца, 1 млн т1ех даьлла долу, Совета 1едалан къаьмнашна юккъехь, ша цхьаъ бен доцуш дисина бух талларца этногенезехь. Шен хенахь массуо  ноьврен а (северан) Кавказан а кегийр къаьмнаш 3-10 эзар бен доцурш а, шайн бух теллина вахьадиллина лаьттачу хенахь.

Вайна хаа а деза талла а деза. Х1унда дитина хилла ца довзийта юьстах а даьккхина къастийна Нохчийн къам? Х1унда, йа хьанна ду вай хиларца новкъа кху Маьлхан Дуьненахь? Цундера ша хазахиэтарца т1иийцира Нохчийн къоман бух таллар. Тахана боху цуо, 20 шарахь шен болх бина ваьлча. Ша дозалла до, х1окху ширчу а оьздачу къоманна бух таллар шена кхаьчна хиларца. Кхуо яздина вайх долу белхаш ду шортта.

http://www.ichkeria.info/about-the-chechens/10580-yan-chesnov-genetika-chechencev
http://www.ichkeria.info/about-the-chechens/10347-2012-01-26-11-43-32

Дала 1азапера ма ваккхарг, цу Ермола Нохчех аьлларг цуьнан дешнаш дац. Иза муьжгийн Лайн империн 1алашонна лаам бу.Бацахьара цара цунна х1олламаш (памятникаш) х1иттор яцара Кавказхойн махкахь, Джохар (Грозный) Пятигорск, Краснодар. Нохчийн къоман бух хадийна х1у дайъар, таханналца дуьйна схьа даиманна а хилла болу церан лаам. Ца хилча иза иштта и паччахьан Лай-пхьу Ермол и ала а даьхьар дацаре, шайн Делан *метта* волучу Паччахье !  Со жима волуш Ермол олуш ж1аьлийн ц1ераш хуьлара, Къонахаша техкина йолу вайна и ж1аьлеш довзийта. Тахана вай санна не1алт олара цара, Совета «1едална» милцо а парте ваьллачунна.

Ермола динарг жима дина дицдина волчу Къ(П)утина, шен талорашца боьхаллин къизаллийца, ц1арах вайн коьртчу шахьарна (Пачхьенна) боккхачу ураманна ц1е тиллар? Шен боьхаллийна ала ц1е яккха дуьненахь дош дан а дац!!! Цара боху шаьш вайна *дика болх бахьа,шаьш вай серлоне даьхна*.

Цу хьакхаршна-Эхь, бакъуо, нийсо х1у ду а ма ца хаьа.Хьовсийша цара мелла пусар до а мелла сонта-1овдалаш лору вай. Вай дайъар, атар, шайн боьхалла, акха къизалла, цара серло ю боху вайна шаьш еана. Иза Шайт1ана амат а эскар а хилар ца гуш верг, йа шекуо ерг доккхачу тиларчохь ву. Цу Къутина шайт1ана ма1аш ца го техьа царна. Ткъа Элчануо аьлла(с.1.с.) «Массо а тилар ц1ерга г1ур ду». Кхи цхьа масалла-далил далор вай. Иза хилла манголаш Халифат т1елеттачу хенахь, Баг1дад шахьар Пачхье (Столица) хилла х1етахь Халифата. Цу Баг1даданна Манголаш т1елиэташ болуш, царна г1одеш кадиэ хьийзачу Шииташ биргал бевлча, некъаш гойтуш, къайленаш юьйцуш, герз духкуш, кхачанаш латтош Манголашна.

Бусалбачу Нехан Воккхачу Имамо Ахьмад бин Хьамбала (Д.къ.Б.ц) аьлла — «Ша ца буьйцу Шииташ цу мостаг1ашна г1одеш кхача, герз, латтош болу, цара-м илла-билла Куфр дина (Керстаналла дар, Динна чуьра аравалар), Валлах1и-Биллах1и Куфр ма ду, и мостаг1ийн Бусулбан Наханна т1ехь туола лаар а иштта жимма а ц1еран хьукум а дахар а нийса хетар а Бусалба Нехан чулла а» Р.Хасбулатовс муьжгийн Лай волчо боху (уггаре лахара даьккхинчу терахьца), Г1аскхий-Нохчийн  юкъахь хиллачу т1амехь 1994-96 шерашкахь, нохчашна зиэ дина цу т1амо 100 млрд  долларна. Дийна, дагийна 300 сов эзар Адам а цадуьйцу цуо, царех 40 эзар сов бераш а долуш дайъина, т1епаз байъина 25 эзар кегий Нах ца буьйцу вайн х1у дайъа лерина.

Юха 14 шарахь д1адоьду кху т1аьхьарчу т1еман 1азапан кхахь а. Цул хьалха долчу 4 б1аьшарахь дерг мел хир ду вай жимма дуьстича бала а кхаьчна. Цундера ма аьлла вайн хьекъале Къонахчу Дайша. «Шен Нах ца билхинчу докъах-неха Нах а ца билхина». «Шен мостаг1а мостаг1а вуй хаар-ах туолам бу». Иза биргал валарца хьайн 1алашо хьуна ёвзан дера. «Шен мостаг1, мостаг1а вуй цахуург-иза Лай ву».

Вайн бух-орам боьвзачо Сий дарца дозалло до вайх, амма вайна ваьшна юккъахь дено-дено совйуьйлуш ю муьжгаша кхиош йолу шайх терра Кхоьбанаш. Дин доцуш,бух ца оьшаш, Яхь йицйина, г1иллакх эхь-бехк доцу Хардангаш (манкурташ). Шайн гайшний ц1оганний бен бала а кхетам а боцу, лело атта болу Лаьш. Кху масийтта б1ешарахь, Къонахий лиэташ шайн Маршо Сий лардеш д1акхелхаш, х1ара Хардангаш дебаш схьадог1уш ду вай. Амма кху Хардангийн чаккхе ирча ю кху Дуьненахь а Эхартахь а.  Ткъа Далла бу-кха хастам вай кхарах ца кхолларна.

Муьжгашкара вайна кхаьчнарг  кху 425 шарахь ду (1588-2013ш.) — 1азап, 1ожалла, къизалла, мохк а Адам а талхор, харцо, аьшпаш, ямартло, мотт х1аллакбарца х1у хадор(этноцид). Вай дуьйцур а дац йа ала бакъо а яц бух боцург.

1) И ямарт лулахой муьжгий-г1азакхий ца хиллехь, вайн Даймохк иттозза боккха  бара малхбалера, Къаспин х1ордаца Идал(Волга) хица Неврехь(север).

2) Вайн къоман терахьа мел озийна лаххара даьккхича 50 млн хир дара(1илманчаша 100 млн боху)

3) Вай  дахаран хьелаш хир дара Д,Джохара ма аллара,массерана а чохь дашон краникаш а йолуш. Маьрша хилча бохург дара иза!,Вешан Мехкан Дай а долуш т1алам барца Наханна юкъахь х1оттийна Делан Нийсо а йолуш.

4) Кху Дуненахь уггаре а тоьлла Мехка даьтта делла вайна Дала,иштта деши-дети,газ,уран,маржанан бирлантан т1улгаш,дарбана хиш,мехалан бецаш,уггаре а ч1ог1а попана хьаннаш.
Кху лаьттат1ехь цхьанне а доцу 1алам а Адам а лардеш долу Оьздачу Г1иллакхийн кхетам.Дог майра Къонахий, экамиэ турпалан Наной, тешамен доттаг1алла, хьанала къоман ВОШАЛЛА.

5) Кху хазчу туокхе хьелаша ,г1иллакхаша,бахамо,кхетамо  къоманна луш дерг, аьттуонаш бу. Ондда долчу  хьекъалца хьелашца кхиар, дахаран иралла (прогресс и развитие), похьмалла а  ду (талант). Т1акхха цунах схьадолург кхиаманна шовда ду.

6)Кху Дуьненан уггаре хаза а уггаре хьал-бахам дика долу а Мохк бу вайн Дег1аста, Кавказан Дог лоруш долу. Цундера, цу баххашца вай хила дезаш дара кху Дунент1ехь уггариэ а нуц1къала Пачхьалкх а йолуш, Ширчу заманашкахь вайн Дайша х1иттийна йолу Пачхьалкхаш санна йолу, Шумар, Миттане, Хьалдея, Наири, Хатте, Урарту, Кавказски Албани, Алани, Хазаре Сим-Сир, Имамат…

7) Тоьллачехь говзаллийн г1ирсаш а болуш,Т1урненехь спутникаш а йолуш.Дуненчохь боккха ларам а болуш. Уггара коьртаниг, Адам вовшийн дог-ц1ена, ларамашца г1иллакхе долуш. Вайн дага бог1уш болу оьзда (д1абевлларш 20-30 шо хьалха.Д.г.ц.) Баккхийнарш санна талхоза, ц1ена. Кху сила долу хьахийначу беркатехь-ни1матех вай хедийнарш,масийтта б1аьшарахь вайна т1ехь х1ара 1азап-тезиэт латтош берш муьжгий бу, чалахь бина г1аскхий, Делан не1алт шайна хиларш. Цунах ца кхетарг сонта а ву,бакъ волу Нахчо а вац, йа сий долуш а вац. Иза Дала ма баххара «ХЬАЙБАНАЛЛА А ОЬШУШ ВУ» Сийлахьчу Аллах1-Дала(с.т.) г1о дойла вайна Шен  нийсонт1ехь дендала.АЛЛАХ1УММА  АМИН !!!

(Аса леррина Нахчий маттахь яздо,кегийрхошна т1аьхьенна пайденна лерина.Массуо а 3-4 д1аваьккхича цу мостаг1ий маттахь яздеш ву, церан мотт барна кхоьруш санна. Ткъа цу балхо вешаниг мотт хьошаш хилар га ца лаьа вайна. Дукхах йолу вайн Сайташа д1а а ца оьцу сан яззамаш (статьяш), вайн маттахь хилар бахьана долуш.Иза а ду Эхь. Цхьаволчо мехала хетарг гоч ярца(перевод) муьжгийн матте а йоккху. Иза а мегаш ду вайгарчу аг1онна.)

Аьрсбин Абу-Бакр.

27.01.2013 шо

ichkeria.info

10.06.13.