НОХЧИЙН ЛАТТА !
1
Х1ай Нохчийн Доь долу,
Сий даьхна латта.
Хьо цкъа а ца хиллера , эг1аза г1ийла.
Хьан букът1ехь ца яьхна , ледарлон хьаьтта.
Осалчу к1иллонийн меженаш шийла .
2
Х1ай Нохчийн Яхь йолу , Къонахийн латта.
Ахьа делла Дуьненна , массаллаш мийла.
Хьайн кийрахь кхехкаш ду , сакхонан даьтта.
Ийманехь халкъ дебош , Нийсоне дийла.
3
Х1ай Нохчийн Иэсс долу , Дай 1охку латта.
Дика Нах Мехкарий , хьайнат1ехь баьхна.
Оьздалла Комаьршо ,
хьо латтош лаьтта.
Тешаман 1уй болуш, марзонаш кхаьбна.
4
Х1ай Нохчийн Эхь долу, Г1иллакхан латта.
Ахьа декъна мискаца, саг1анаш хийла.
Шу лардан ца хилла , дахарехь атта.
Дала Шен Къинхетам ,
бина хьох хийла.
5
Массо том ва кхуьуш, беркате латта.
Шовданаш бухдуьйлуш, токхенан латта.
Мостаг1чо д1адаккха, хьийзина латта.
Хьуьнаре тхан ц1ийца,
хьандина латта.
6
Х1ай Делан Дош лоруш, хьийкъина латта.
Вайн Далла мук1арло , дебийна латта.
Элчанна Суннаташ ,
кхиийна латта.
Хьайн кийра тхо дийшо , хьомсаран латта.
7
Хьай Нохчий дог долу ,
Са ц1ена латта.
Сарралц ма вехийла хьан ,
Яхь йоцург ц1ийза.
Сий дайна Эхь доьжнарг ,
Да воцуш хатта.
Юьхь-1аьржа дог доьхна ,
шен Нана тийжа.
8
Йа-Аллах1 тхан Дела ,
доьху Хьоь г1ийла.
Оьг1азлонах ларделахь ,
Дай баьхна латта.
Хьайн мостаг1ех ц1анделахь, самуоне дийла.
Дай кешнаш бух латто ,
ирсенан латта.
*********
Дошамца тидо яр :
Доь -Доьналла ду.
Эг1аза-Г1ело ю.
Хьаьтта-Йалта гулдо майда ю.
Сакхо беркат ду-Изобилие.
Иэсс ду — Память.
Токхе ю -Калория.
Мук1арло ду ,къера хилар-Покорность.
Хьомсара-Хьомениг ду.
Ц1ийзар -Велхар ду.
Тийжар-Г1ийла Нана ,Йиша елхар ду.
Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.16 шо :
Chechenews.com
28.09.16.