Главная » Все Новости » История » КЪАМАН КЪАЙЛЕ, я ЯЙНАЧУ ЛОРАХ. (6 – 8 дакъош)

КЪАМАН КЪАЙЛЕ, я ЯЙНАЧУ ЛОРАХ. (6 – 8 дакъош)

6

Ткъа х1инца, 1ийсайн(а.с.) гелахойн(апостолин) ц1ераш туьдур вай. Уггаре хьалха Малхон лерг даьккхиначу Петеран ц1арна т1ера и тидарш д1а долош . Т1аккха галачо 1ийсас(а.с.), галачунна Симоне и ц1е тилар Инжало ишта дуьйцу;» Ты назовешься Кифа, что, значит; камень(Петр»)(Иоанн 1:42). «И Я говорю тебе, ты Петр; и на этом камне я создам церковь мою и врата ада не одолеют ее)(Матвей 16:18).

Цу байтин берриг а чулацам, иза нохчийн маттахь а боккхуш т1ахьоо буьйцур вай. Х1унда аьлча, цуьнан дуьззина долу маь1на гайта, цкъа хьалха дуккха а кхин болу талламаш бан безар ду вайн. Иза ишта доьзна ду, 1ийсайн(а.с.) оцу геланчан тида езарг цхьаъ хилла а ца1аш, ши ц1е хиларца а.

Масала, схьа оьцур вай цараха — «Кифа». Арамейн мотт бицийначу 1йисас(а.с.), я «Кипа», я ламаройн —«Къи(-«а»;-«е»)+па(е)» дош санна яккха езаш хилла йолу. «Кипа» санна; арамейн-нохчийн маттахь «ф» цахиларна. Ткъа «Къееп»\«къийпа» санна; ломахь тахна а, т1улгаха юьттучу наждарха( ша тайпа бун) ишта олуш хиларна.

Кхузахь гайтаме ду, т1ахьарчуьнан кепехь профессара Абдуль -Ахьад Даууда а, шен «Мухьаммад Инжална т1ехь« бохучу жайнахь и дош ишта далор. Дашна аьлча, ша имане вале, Давид Бенджамин санна волу халдеин католикан мозг1ар хилла ву и Даууд.

Т1аккха вай бохучуьнан хьокъехь цо дуьйцу; «…аренешкахула дахнашца лелачу Ибрахьима-пайхамара(а.с.), ша д1а кхаьч-кхаьчначохь Далла 1ийбадатна еш хиллачу т1улгийн г1ишлойха — «Кипа» олуш хилла..», бохуш.

Цул а совнаха, Даууда цу —«Кипа« маь1нехь дуьйцу, арамейн: «Мицпа»; «Сафа» боху кхин а ши дош. Цараха «Мицпа», дукха ширачу -«Сафа» дашах схьа даьлла а лоруш. Доцца аьлча, «Сафа»\«Кипа» бохург, «т1улг» боху дош лору цо. Ткъа «Мицпа» — «ха до пе» («наблюдательная вышка») а, и «Сафа»\«Кипа» д1ах1оттош йолу локхалла а.

Цу тайпа, цуьнан дийцарера вайна го, и кхо ц1е, цхьана кхетамехь хилар. Оцу кхоаммо ц1ераша юьйцург, динна цхьа т1улгийн г1ишло а юйла. Билгаладаккха деза, «Сафа» арамейн дош хиларе терра, Даууда иза: «Сапа», я «Сага» санна деша хоьхуш хилар а.

И цуьнан хьехам тидаме а оьцуш, х1инца шишша декъехь доькъур вай и кхо а дош. Масала: «Ки+па» «Са+па», « Ми(ц) +па», бохучу барамца. Цаьрцара: «Ма’’;»Са» («Су»); ‘’Ц1у’’;»Ка» бохурш, ширачу арамейн — нохчийн маттара Дэлан ц1ераш а, ткъа — «пе», вайн –«пе» санна а лоруш. .

Ткъа юй те и ц1ераш Исламан динехь юьйцуш? Цу хаттарна жоп луш хета, масала, Мухьаммад-пайхамара(с.а.с.) «Сафа», «Марфа« ц1ераш йолчу шина ломаха аьлла хиллачо. Ишта ду иза: «Боккъалла а, Сафа а, Марфа а Аллах1ан билгалонах бу».

Цу хьокъехь Къор1ано а боху;» Сафа, Марва Дэлан билгалонаш ю; Макка, я Ка1бата воьдучо царна го баккхар, къа латор дац. Шен лаамехь дика г1уллакх дечунна, дерриг а гуш волчу Дэлера йал хир ю»(Къор1ан: 2 ;158).

Ишта 1эламнаха а дуьйцу; «Сафа, Марва Маккана уллора ши лам бу; джех1илийн заманашкахь, царна хьалхарчунна т1ехь лаьтташ хилла — Эсаф, ткъа шоллаг1чунна т1ехь – Наилэ, боху ц1унаш», бохуш.

Цкъа хьалхара суна кхузахь луур дара, и «Эсаф», «Наилэ» боху ц1ераш, ширачу нохчийн маттахь тида. Хьалхарнийг – «1а — Са +пе»(«Стена\дом\храм — святого Духа(Света)»), ткъа шоллаг1нийг — «(А)на+ Эл» («Господь пространства») санна а гойтуш. Схьа хетарехь, и тайпа шайн ц1ерийн хьесап долуш хилла, джех1аллин заманчохь, оцу шина ломан коьртошкахь лаьттина хилла йолу и ц1унаш. Ткъа х1инца кхин а д1а буьйцур вай, оцу «Сафа» а, «Марфа» а бохучу ц1ерийн кхетам.

Дешархочунна кхузахь дага дан деза, вай тоххара а, шираллехь нохчийн маттахь хилла бохуш йицина – «Мар»; «Ка» «Су»(«Са») боху Дэлан ц1ераш. Масала, цаьрцара «Мар»; г1азкхийн маттара –«повелитель» а, ткъа «Мар+дукъ»: «закон»\ бремя\веление Мара» санна а лоруш.

Т1аккха оцу ц1ерашцара —«пе» бохург, «лакхе» санна а лоруш, вай х1инца уьш ширачу нохчийн маттахь: «Са+пе», «Ка+пе», «Мар+пе», «Ма(ц)+пе» аьлла ешахь, цаьрцара ширачу нохчийн маттара — «Дэлан лакхенаш\ ч1аг1онаш\ маьждигаш» боху кхетам го вайна.

Ткъа х1инца кхин цкъа а ладуг1ур вай, Даууда бохучуьнга. Цо яздо:»1ийсас(а.с.) шен коьртачу геланчана Шимонна(Симонна) и еза -«Петрос»(«Петр») ц1е туьллучу хенахь , цунна дагабеъначох тера ду, шира г1овсе Сапа, шен маь1на тоххарехь дайна болу! … Амма вайна ма дарра цахаьа, цо цуьнга х1етахь, шен ненан маттахь аьлларг х1ун ду….

…Грекин божарийн ц1е -«Петрас», цхьанна а аг1ора ша грекин йоццушехь, и Килсано т1еэцарна цецвийла дезаш ду… Ткъа грекин маттарачу Инжало а, и «Кефас» цахуьйцуш, ша ма ярра т1е эцаро тоьшалла до, шен коьртачу геланчана 1ийсас(а.с.) тиллина «Кифа» боху ц1е, арамейн маттахь хиларна».

Оцу йозанара вайна гучадолу, я шайханна Даууданна а, я х1инцалерачу Килсанан дайшна а, ширачу арамейн -нохчийн маттара -«Петер»; «Кипа»; «Сапа»; «Мицпа» боху ц1ераш, муьлхачу маь1нехь юьйла хууш доцийла. Цундела уьш массо а, цхьана – «т1улг» бохучу кхетамехь яха а йоху цара.

Т1аккха вай ма тиддара и ц1ераш йицича , церан маь1наш дикка хийцало. Масала, вайн х1инца тидина йолу –«Ка +пе» санна. Ша вайна, х1етахь 1ийсас(а. с.) Петаре аьлларг, алха цхьа –«т1улг» а доцуш; «хьо Дэлан пе\ц1а\г1ап\б1ав»(и. д1.кх. а), бохург дуйла гойтуш йолу.

Цул а совнаха, вайна кхузахь гуча долу, и «Капе» санна, шен маь1на долуш — «Ка1абат» а хилар. Цахуучунна боху ас, ишта долу — «Ка1абат» олура, вайн баккхичара хьалха — «Хьажи ц1ах». Ма дарра аьлча, вай х1инца цунаха ала дезарг а ду иза.

Х1унда аьлча, иза «Хьажин ц1а» а доцуш, «Дэлан ц1а»(«Ка1абат») хиларна. Иза гойту, «Ка +1а+бот\ц1а\пе» бохучу цуьнан барамо а. Кхузара схьа и «Ка 1а бот» = «Ка пе» («Ка» = «Ка»; «пе» = «бот») а хуьлу. Шайн г1азакхийн маттара кхетам – «дом Духа Могущественного»\«дом Могущественного» бохучу кепара а болуш.

Цундела тарло, 1ийсас(а.с.) х1етахь Петарна «Кипа» ц1е туьллуш, цунна дага теснарг, мацах Ибрахьийма –пайхамара(а.с.) Исма1эл- пайхамарца(а.с.) доьттина –«Ка1абат» хила а. Ша цуьнга аьллачуьнан маь1на; — ас хьоьца юха метта х1оттор ду, Ибрахьийм –пайхамаран(а. с.) дин, бохучу кхетамехь а долуш.

7

Даууда арамейн маттара — «Кипа» а,«Сапа» а санна лору – «Мицпа», дуьххьара вай доьшу Тоуратна т1ехь. Йакъуб — пайхамара(а.с.) а, Лабас а боьттиначу пенах -«Мицпа«, я «Массифа» олуш хиллера бохучохь. Дашна аьлча, вай вуьйцу Лаба, Йакъубан(а.с.) ненан ваша а, цуьнан ши йо1 яхна хилла волу сту да а, хилла.

Ткъа х1инца ма хуьллу доцца дуьйцур вай, цо хьокъехь Тоурато хилла бохург. «Цкъа «Падам — Арам» олучу меттигехь воьду Йакъуб(а.с.) т1евисна хилла. Эццахь цхьа т1улг г1овле а биллина вижначу цунна, г1ан –набараха, стигла боьдучу лами т1ехула хьали-охьи лелаш малайкаш а, цу ламинна лакхенахь Дэла а гина. Т1аккха ч1ог1а кхеравелла сама иккхиначу цо, ма инзаре меттиг ю х1ара, кхузахь «Дэлан ц1а» цахуьлийла дац-кха аьлла, цу меттиган ц1е — «Вефиль» тиллина… Цул т1аьхьа, кхин ткъо шо даьлча, и т1улг боллучохь саг1а а доккхуш, шаьш бечу бартана Дэла теш х1оттаварца, Лабаса а, Йакъуба(а.с.) а шаьшинна юкъаметтигаш къаста йира».

Тоурато кхин д1а а ишта дуьйцу иза: «Схьаицира Йакъуба и т1улг, д1ах1оттира иза тоьшална. Элира гергарчаьрга: харжа т1улгаш. Вукхара схьа хержира, бира цараха х1оллам; цунна т1ехь саг1а а диира. Цу х1олламах Лабаса элира: «Иегар – Сагадуфа»; Йакъуба(а.с.) – «Галаад». Элира Лабаса; х1ара х1оллам тахна дуьйна, хьуний, суний юкъахь теш бу хьуна. Кхин а: Массифа цигара схьа ду, Лабаса аларна: вайшиъ вовше цагуш къайлаваьллачул т1аьхьа а, Иеговас ларвеш хуьлийла-кх хьой, сой»(Мусайн хьалхара жайна; 31: 45-49).

Кхузахь Лабас бийцинарг арамейн мотт хиларе терра, цо аьлла боху — «Массифа»: «Массипа», я «Мицпа» , ткъа «Сагадуфа»;»Сагадупа» санна деша дог1у. Ишта вайна го, и «Массипа» -«Сагдупа» цхьана хьесапехь а, ткъа «Падам-Арам»; «Пана -ара» санна хила йиш йолуш дуйла а.

Оцу хетарца юха зуьйр вай и байташ. Т1аккха гуча долург ду: а) х1етахь Йакъуба(а.с.) т1евиссича буьйса яьккхина меттиг -«Пана ара» хилла юьйла. б) Лабас цу меттигахь биначу т1улгин барзах — «Иегар — Сагадупа» алар а, ламоройн; «Ие г1ав — Саг1а до пе» санна хила йиш йолуш дуйла.( лам:- «ера»; «ер»; «ие», лит. -«х1ара». Церан «г1ов», лит. «т1улгийн пен\керт»). Литаратурни маттахь ша аьлча: «Х1ара г1ов — саг1а до пе» а, долуш.

Цу тайпа, ширачу нохчийн маттара «Иегар — Сагадупа», талмудхоша ма бохху г1азакхийн маттара «куча свидетелей» а доцуш ; «Этот строение\храм\стена — место жертвоприношение» дуйла го вайна.

Нагахь кхечу аг1ора тидича а, и «Иегар – Сагадупа»: «Ие гар – саг1а до пе»(«Это видение\явление –место жертвоприношение) санна хир дара вайн. Вуьшта аьлча; «Х1ара гар (г1ан)Саг1а доккху меттиг(пе)», бохучох терра.

Т1аккха и «куча свидетелей» бохург вай теллича а, цуьнца а гур дара, нохчийн ширачу 1адатца хилла долу — «карлаг1а йог1аран» ламаст. Йакъуба(а.с), Лабас шайн г1ов доттарна маь1на, шаьш бина барт хьалхара бохийначунна, оцу т1улгийн йоттаран (я карлаг1ан) не1алт хуьлда-кх, бохучу кхетамехь а долуш.

Иза ишта тардо Лабас а;»… вайшиъ вовшашна цагуш къайлаваьллачул т1аьхьа а, Дала ларвеш хуьлийла-кх хьой, сой», бохучу шен аларца. Вуьшта аьлча шен кхетам, х1окху бертан — доза дохийначунна, Дала оьг1азло йойла вайшинна, бохург хуьлуш долу.

Вуьшта кхузахь тардала цаоьшу, вай оцу цхьана аларах дина и масехь тидар, вовшашна духь-дуьхьала ду. Данне а дац. Т1ехула т1е, массо а вовшашна чуьччара ду уьш. Цара цигахь йоьттина хилла йолу т1улгийн г1ишло; Далла 1ийбадат деш йолу, Дэла теш х1оттош йолу меттиг хилла юьйла шаьш гайтарца.

Иза т1е ч1аг1до, талмудхоша ма бохху аьлча, Йакъуба»(а.с.) цу меттигахь жуьгтийн маттахь техкина бохучу — «Вефиль»;»Галаад» бохучу ц1ераша а. Т1аккха ма дарра аьлча, уьш жуьгтин маттахь техкина а яц цо. Ширачу арамейн – нохчийн маттахь техкина ю. Цунна мук1арло до талмудхоша шаьш а. Яккха ма еззара еккхича, цараха хьалхарнийг, ширачу арамейн маттара – «Бейт –Эл» санна яккха езара бохуш. Цу маттара шен маь1на; «Дэлан ц1а», бохург а долуш. Гайтаме ду, цуьнан нохчийн маттахь хуьлу тидар а. Шен чулацам; «Бен\БотЭл» (Дэлан ц1а») санна а болуш.

Вуьшта талмудхоша и «Бейт – Эл», дукхачу хьолахь жуьгтийн аларца — «Вефиль» санна дийцахь а, цара шайна х1ун ду цахааре терра 1адда дуьту — «Галаад». Т1аккха вай иза туьду «Гар Да»(«гал»; «гар» т1е далар, жуьгташа -«р»; «л» санна аларна хета) санна.

Цу тайпа, нагахь «Бен\Бот — Эл», г1азакхийн маттара – «Дом\крепость\гнездо — Господа» санна делахь, ткъа «Гар Да»: «(место)Видение\ Явление Духа Владыки » дуйла хаало вайна. Кхузахь ишта го, и «Вефиль» а, «Галаад» а, х1инца вай лакхахьа тидина долу — «Иегар — Сагадупа» а цхьана хьесапехь хуьлуш дуьйла.

Кхузара вайн гуттаре а ч1аг1дан бакъо ю, Йакъуба(а.с.), Лабас цу меттигна техкина ц1ераш арамейн — нохчийн маттахь хилар.Талмудхоша ма бохху, Йакъуба(а.с.) жуьгтийн а, ткъа Лабас ширачу арамейн маттахь техкина а йоцуш.

Цул совнаха, оцу — «Гар 1а Да» бохучуьнца го, Йакъубна(а.с.) г1енахь Пана –арахь лекхачу лами т1ехь гинарг, Тоурато ма бохху Ша Дэла а воцуш, Цуьнан цхьа билгало(1а) хилла юьйла. Т1аккха Дэла цхьанна а, я г1енахь а , я самахь а, ган йиш цахиларо цунна тоьшалла а до.

Ткъа х1инца кхин цкъа а дахкор вай, Йакъуба(а.с.) цигахь аьлла долу; «… ма инзаре меттиг ю-кх х1ара, кхузахь «Дэлан ц1а» цахуьлийла дац-кха …». Уьш вай дахкорна бахьна ду, цаьрца цхьана вай толлуш долу «Массипа»\»Мицпа» хила дезаш хиларна.

Хьовсур вай, уьш цаьрца муха нислуш хила мега. Масала, «Дэлан ц1а» лаьттачохь, ширачу арамейн – нохчийн маттара и Массипа»\»Мицпа» а х1отта деш. Т1аккха хуьлург ду; «… ма инзаре меттиг ю-кх х1ара, кхузахь «Ма Су пе» (я «Ма Ц1у пе») цахуьлийла дац-кха …».

Цу тайпа, вайна оцу «Массипа»\«Мицпа» бохучуьнца юха а гуча йовлу, ширачу арамейн -нохчийн маттара: «Ма», «Су», «Ц1у» боху Дэлан ц1ераш. Кхузара вайна го, и «Ма Су пе»\ «Ма Ц1у пе (‘’б1ов’’\»г1ап»\»ч1аг1о»), г1азкхийн маттара —«Дом\храм Бога Су\Цу» санна дуйла а.

Т1аккха Лабас Йакъубе(а.с.) х1етахь аьлларг а хуьлу ишта; «х1ара Ма Су(-Ц1у) пе, вайшиъ д1а схьа къаьстича а, вайшиннех гал муьлха волийла хьоьжу теш хуьлийла-кх», бохучу маь1нехь.

Цу тайпа, вай бечу талламца, талмудхошна х1ун ду цахуучу — Массипа»\»Мицпа» бохучу дашна т1е кхии вай. Церан хьесап, вай лакхахьа тидиначу«Вефиль»; Галаад»; « Иегар – Сагадупа»; «Кипа»; «Сапа» бохучаьрца дог1уш дуйла а гуш. Г1азакхийн маттара шайн юкъара маь1на; «Божий храм» а долуш.

Т1аккха Тоуратан гочадархошка а, хьехамхошка а ладоьг1ча, цараха цхьадерш «т1улг» санна, вуьш –«Дэлан ц1а» санна ду, ткъа кхоалг1анийн маь1наш цара дийца а цадуьйцу. И галморзахаллаш церан ишта хиларна бахьна хета, арамейн – нохчийн маттара: «т1улг» ; «пе»\ц1а\г1ап цара вовшашца эдина хиларна.

Гайтамна далор вай, цу кепара вайна хета церан цхьа г1алат. Масала, цара «Массипа»\ «Мицпа» ц1арца лору, х1етахь Лабас; — х1ара т1улг хуьлда вайшинан бертан теш аларца, Йакъубца(а.с.) ша йоьттиначу «б1овна» боххье д1абог1на ц1ункал. Ткъа вайн кхетамехь цу т1улган ц1е «ц1ункал» хила еза. Ша «Массипа»\ «Мицпа» бохучу ц1арца к1оргера гергалло долуш йолу. Амма цу хьокъехь дерг цхьажимма 1ийна дуьйцур вай.

Ткъа х1инца масехь дашца эр вай, шина хьалдейцо Йакъуба(а.с.) — Лабас шашинан бертан тоьшална «б1ов» йоттарна бахьна. Тоурато дийцарехь, Ибрахьийм – пайхамаран (а.с.) к1ентан к1ант Йакъуб(а.с.) , Ханаанера схьа а веана, ткъайхьа шарахь шен Даймахкахь –Харранехь ваьхна. Цигахь ялийна цо Лабин ши йо1 а, кхоьллина цаьрца баккхий доьзалш а.

Т1аккха кханоо, Ханаана и юха ваха ваьлча, Лабас цуьнгара дош дехна, шен шина йо1ана а, цара биначу доьзална а, хийрачу махкахь весаш ма яххьара , аьлла. Йакъуба(а.с.) цунна оцу дехарна жоп делла а боху. Эццахь, оцу шайн бертан теш санна, мацах Пана –арахь Йакъубна(а.с.) башха г1ан гинначохь цара б1ов а йоьттина. Цунна боххье боьг1на болу ц1ункал, Йакъубна(а.с.) и г1ан гучу хенахь, цуьнан «г1айба» хилла болу т1улг а болуш.

8

Вай бохучунах дешархо ма хуьллу т1екхион, арамейн –нохчийн меттанашкахь хилла йолу: «Ма», «Су», «Ц1у», ‘’Ka’’ боху Дэлан ц1ераш, кхин цкъа а толлур вай. Масала, цаьрцара — «Ма», Йакъуба(а.с.) шен Дэлан ц1е лоруш хилар а дуьйцуш. Тоурато цунаха ишта дуьйцу: «Ткъа Йакъуб шен новкъа д1авахара. Цунна дуьхьала кхитийра Дэлан малайкаш. Йакъуба уьш гича элира; х1ара Дэлан ха ду-кх; тиллира цу меттиган ц1е: Маханаим«.(Бытие; 32:1-2).

Цу байто бохург, и г1ан шена гинчул т1аьхьа, цигара кхеравелла воьдучу Йакъубна(а.с.) духьала малайкаш кхетар а, т1аккха цо, цу меттигехь — «Маханаим» алар а ду. Вайн тидарца шен маь1на: «Ма»(Дэлан ц1е)+»ха» («страж»)+

«ана» («пространство») хуьлуш долу. Вуьшта аьлча: «Дэлан ха ана»;»Дэлан ха долу меттиг» бохург.

И тидар дечохь вайн терго хуьлу, эццахь Йакъуб – пайхамара(а.с.) шен Дэлан ц1е санна аьлла долу и «Ма», масала, х1уррийташа -урартхоша шайн коьртачу ц1унах а олуш хилла дуйла. Ткъа иштачо кхин цкъа а тоьшалла до, ша Йакъуб(а.с.) а, оцу къаьмнеха хиларна гойтуш долу.

Кхузара цуьнца доьзна хета вайн — «маалх» а. Ша «ма +алх» бохучу кепара тидахь, шен маь1на —«Ма Ал\Эл ха» санна хуьлуш долу. Вуьшта аьлча, «Аллах1 — Дэлан ха\хьехо», бохург. Шен г1азкхийн маттара кхетам: » Страж Господа Ма», я «Время Господа Ма» санна а болуш.

Цул а совнаха, кхузахь ишта гайтаме ду, оцу «ма+алх» дашцара алх(а)» а. Ша г1азкхийн -«един» санна хиларца. Т1аккха и «маалх» вай тидахь, цуьнан ширачу нохчийн маттара хьесап а хуьлу –«Ма алха». Вуьшта аьлча; «Ма(Дэла) цхьаъ ву» бохург. Терго е, «Аллах1» бохучунна герга дог1у и «Алха»; «Эл\Ал ха» санна тидалуш хилар. Шен г1азакхийн маттара хьесап: » Страж Господа», я «Время Господа» а долуш.

Вай х1инца лакхахьа элира, арамейн-нохчийн маттахьа Йакъуба(а.с.) «Ма» аьлла йоккхуш хилла йолу Дэлан ц1е, джех1алехь легначу х1уррийташа -урартхоша шайн «дэлах» а йоккхуш хилла аьлла. Ишта шайн маь1нашца цара хийциначох тера ю, оцу «Масипа»\ «Мицпа» дашца йолу — «Су»\«Ц1у» боху кхин ший ц1е а.

Кхузахь дага тоссу: «Уггаре а исбаьхьа ц1ераш Дэлан ю; кхайкха Цуьнга оцу ц1ерашца, т1аккхал бита Цуьнан ц1ерийн маь1наш хуьйцуш берш. Царна та1зар хир ду шаьш бохучунна»(Къор1ан 7:180)(г1азкхийн маттарчу Къор1анан т1ера гочдар)

Ишта и «Ма» бохург доьзна хиллачох тера ду, шумерийн –«ма\ме» бохуш хиллачуьнца а. Цара 1эдалан мухар(омра? бакъо?) санна лелош хилла и дош. Масала, иза го, шумерийн мифологехь Энки- ц1унас «1эдалера д1а яьккхиначу» Инанна — ц1унас, вукхуьнга; « сан «ме\ма» схьа да», бохуш бечу белхамца а.

Ткъа 1илмано дийцарехь, шумерийн и «ме\ма»(«законаш») талламашца схьа гуча даьлларг 104 ду. Схьа хетарехь церан оцу законашца доьзна ду, нохчийн – «мег»(«бакъонаш»); «ма»(«дехкарш»; «х1а-х1аъ») боху дешнаш а. Масала, и т1аьхьарнийг вай олу, цхьа х1ума «ма де» олучохь, доцца, «ма» , бохучу кепехь.

Ишта вай билгала доху – «Су»;«Ц1у» а цхьана дог1у : б1абилонин -«Су«; аккадин — «Су»(я «Сину»), ширачу германхойн -«Цио«, Иерусалиман Сион», бохуш хиллачу ц1ерашца . Шираллехь джех1алийн наха беттаса «дашо су«( лит.»дашо сту«) а хеташ , цунаха цу кепара яьхна йолу.

Вай тоххара дийцира, Б1абилонан — Аккадин су»; ламоройн — «су», ширачу германхойн -«Цио«; нохчийн — «Ц1у«, ткъа Иерусалиман — «Сион»; нохчийн — «Су ан»Божественная земля\пространство)» санна хиларх а.

Дашна аьлча, г1азкхийн -«месяц«(беттасу\бутт) а, ширачу нохчийн «Ма Су Ц1у» т1ера, ткъа церан –«су+ха»(«йокъалла»); «время быка» я «бык страж»санна хета.

Т1аккха туьркин -«су»(«хи»), арамейн -нохчийн —«су» т1ера схьа даьлла хилар делил хета, масала; «Сунжа», «Сулак» , «Каспи»(и. д1.кх. а) ц1ераш йолу гидронимаш, ширачу нохчийн маттахь кхолла елла хилар. Х1унда ишта? Ширачарна беттаса(«дашо су»); хи айдеш(приливы), хи дийжош(отливы) йолу «су — ц1у» хетта хиларна.

Х1инца хьовсур вай, и «ц1у», вай лакхахьа «ц1ункал» аьлла далийначу дашца муха хоттало. Вай цигахь элира, б1овнан боьххье Лабас «дерриг а гайта» д1а х1отта биначу т1улгийн ц1е — «Массипа»\«Мицпа» а йоцуш, «Ц1ункал» хила а еза, ткъа Тоуратан т1ехь и галдаккхар дар талмудхойн бехкаца а ду аьлла.

Т1аккха вай иза ишта ларарна бахьна дара, нагахь и Массипа» -«Мицпа»: «Ма Су пе» — «Ма Ц1у пе» («Стена\храм Бога Ма») санна делахь, «цу1нкал»: «Ц1ун+Ка» («Ка»: «ницкъ»;»таро»;»г1ора») санна ша тидалуш хиларна. Ширачу нохчийн маттара г1азкхийн маттахь аьлча, шен маь1на» — «Могущество Всевышнего» а долуш.

Вайн талламера ишта гучадели, и «Массипа» \ «Мицпа» талмудхоша ма бохху «т1улг» цахилар. Х1унда аьлча, цуьнцарачу «пе» бохучо дешдакъо а, «Ма»\ «Су» \ Ц1у» бохучу шираллерачу Дэлан ц1ераша а, иза вайна —«Дэлан г1ишло«(«пе»; ц1а;г1ап;маьждиг) санна гойтуш хиларна. Шен боххье, Дэлан ц1арца а, и цхьаъ хилар билгала ваккхарца х1оттош болу т1улг, вайн б1аьвнин тхьевнин биъ са къовлу ц1ункал санна а болуш.

Ткъа иштачо дага тоссуьйту, Лабас а, Йакъуба(а.с.) оцу Пана – арахь доттинарг б1ов — маьждийг хилла дуй те , бохург. Шен момсарна а, цу момсарна бохьерачу «беттасан» а метта, б1ов а, цу б1овне боххье ц1ункал а болуш. Масала, ишта долу маьждийг вайна го Ч1аьнтахь, Эт-кхэла олучу меттахь (хьовса суьрте).

Т1аккха х1унда оцу кепехь? Вайна кхузахь юха а дага тоссу, Тоурато дуьйцу Йакъубан(а.с.) башха г1ан. «…Эццахь цхьа т1улг г1овле а биллина вижначу цунна, г1ан –набараха, стигла боьдучу лами т1ехула хьали-охьи лелаш малайкаш а, цу ламинна лакхенахь Дэла а гина…», бохуш долу.

Cхьа хетарехь цу г1енан чуламца боьттиначох тера ду, Йакъуба(а.с.) -Лабас шайн б1овнан тхьов – пирамида. Цуьнан киртигаш, Йакъубна(а.с.) набарха «маликаш хьалий-охьий оьхуш» гина болу лами санна а лоруш, ткъа боххьера ц1ункал, Дэла цхьаъ веш йолу билгало а лерийна.

(Чакхе ю)

Докка Амагов

 

Chechenews,com

 

18.06.11.