Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: ДАХАРАН ХЬЕСАП !

Аьрсбин Абу-Бакр: ДАХАРАН ХЬЕСАП !

1

Х1усамна т1еверзий,эвлан хьашт ма дицде.
Хьан доьзал хьан эвлах боьзна бу хьуна.
Эвланна т1еверзий,Мехкан хьал ма дицде.
И кхерчаш цхьана дег1ан йовхо ю хьуна.

2

Хьайн б1аьргаш кхуолорца,марзо ма къовла.
Деган нур массарна а оьшуш ду хьуна.
Хьаг1 йистина заманах цец а ма вийла.
Цатемаш эшош дерг Доьналла ду хьуна.

3

Стогаллийн Сийлахь дукъ атта дац хьуна.
Дуьне вай лехаро и дайъина хийла.
Стогаллехь дахаран ларам ков ду хьуна.
Яхь йайна чаккхенаш ю хьуна шийла.

4

Дика х1ума цкъа дукха хуьлуш дац хьуна.
Хьайн лаам д1аоьхьуш Нахала ма вийла.
Диканиг а вониг юха доьрзуш ду хьуна.
Г1иллакхе к1адаллехь вахалахь ийна.

5

Вайн Дайша лардинарг Ийман ду хьуна.
Эхь-бехкан г1аролехь уьш кхелхина хийла.
Вайн Дайша ларбинарг Тешам бу хьуна.
Церан хьост ду вайна х1орд санна мийла.

6

Йаржочу шогалца къийсаме вийлалахь.
Мазлаг1на х1ур лехьон накхараш санна.
Мотт хьоьшу биедакхаш тергала ма елахь.
Т1аламца лардинарг корор ду кхана.

7

Дахарехь вай лелар х1у тосуш ду хьуна.
Лаьтта вай д1адуг1у и синтараш санна.
Дуьненан хазалла х1умма а яц хьуна.
Г1енаха карийна ирс, д1адалар санна …

Аьрсбин Абу-Бакр 14.04.18 шо :

Chechenews.com

25.04.18.