Ассаламу 1алайкум к1ентий! Суна гина йац йуьйцуш йолу видео, амма хьехош болчарех цхьаболчарех лаьцна ала лаьа суна: Вайнехан демократаллин парти йукъавог1уш шен долахь «Березка» олучу меттехь туька а йолуш, совдегаралла лело а хууш (бизнес йан а хууш )волу, х1уммаъ къен а воцуш веъна Шайхи Маршонан Боламна йукъа.
Ас х1ара х1унда боху аьлча, шен хьал-бахам хила 1емина стаг цунах ваьлча 1алуш ца хуьлу, цуо х1уъу а до шен хьалха хиллачу хьола т1е йухаверза! Амма уьш ахчанал т1ехйаьлла идейа а йоцуш шайн бизнесан бен кхечу х1уман бала а боцуш берш бу.
Норвегехула кхерсташ а ца лелаш, Нохчийчу а вахана, шенчулла ахча-бохчанах дакъа даккхалур доцуш вац иза, цунна лиънехь. Цуо Норвегехь х1у лелийна суна ца хаъ, тхо ганза исс шо хан йу. Амма, суна и вовзарехь, маршонан боламна к1ел ког туьйсучу тобанах и ветталур ву, бохучух со тешар вац! Цхьа кегий х1уьмалгаш лелочарех и вешар ву аьлла а ца хета суна.
Масала, суна оцу йуккъехь Шайхи а хьахийний хиънехь цуьнга а ца хьоьжуш, Мусаев Илйасах санна тоьшалла дина хир дара ас.
Ша шена хала ду шех лаьцна дийца. Вайн мостаг1ий бийшина 1аш бац, цара хьуна т1е ц1е кхуллу, хьох нах шекбаха, цул т1аьхьа и ишта дац ,бохуш, хьоьга хан йайъийта! Ткъа тешам байча ч1ог1а хала ду и меттах1отто! Иштта меттехь хьо воьвзаш хилларш хьуна тоьшалла деш хилча хьан сий меттах1утту!
Д1айаханчу заманахьчулла атта ду х1окху заман чохь хьанна а т1ехь доцург дийца, х1уъу йамартло йан! Оцу йамартлонан г1ирс уггар хьалха интернет йу! Боьхачу нехан карахь ч1ог1а кхераме г1ирс а бу иза!
Вуьшта аьлча, москоно вай парг1ат дуьтур ду бохуш, ког хецна, парг1ата, синтем болуш вай 1ийна аьллаъ ца хета суна.
Цундела, газеташкахь, радио чохь, интернет чохь цхьанна т1е ц1е кхоьллиний хаахь, кхана и шена т1е дан а тарлой хууш, хьайн оцу стагах дикачу аг1ор дан тоьшалла делахь, ч1ог1а меле а, ч1ог1а оьзда а хир дара и дича, кхин х1уммаъ ца хилчий а ша ца теший хаийтича!
Абубакарг1еран 1абазан Мохьмад, маршонан новкъахь къахьоьгуш берш лара кийча верг.
Mohmad Abazov
Отдел писем
Chechenews.com
12.05.13.